Нохчийн меттан а, литературан а к1ира доладеш йина флешмоб
18.04.2015Флешмоб – иза хьалххе кечйина тобано д1ахьош йолу акции ю. Цу кепехь доладан лира т1едог1учу нохчийн метан к1ира к1ира Ваштарарчу юккъерчу ишколан хьехархошна а, дешархошна а…
18-чу апрелехь 2015-чу шарахь, школан уьйт1ахь «денъелла» д1ах1оьттира боккха чулацам болу нохчийн шира б1ов. Цу б1оьвн х1ора этажо гайтара Ваштар тайпан ялх гар (некъ).
Кегийрхойн ч1ог1а самукъ делира шаьш д1аяьхьначу флешмобах. Цул совнаха царна хиира шайн тайпана бух муха хилла а, и муха кхолладелла а…