Къовсамаш: "Нохчийн шира кхача", "Нохчийн оьзда йо1", "Нохчийн оьзда к1ант&
24.04.201524-чу апрелехь 2015-чу шарахь «Нохчийн шира кхача» ц1е йолуш конкурс д1аяьхьира Ваштарарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархочо Шамаева Аидас шен дешархошна юкъахь.
Ткъа и ша-тайпа «маьрза къийсамашна» юкъе нийсо ян кхайкхинера «Коалици» олучу советан председатель Яхьяев Дени а, Шуьйтан к1оштан школашна т1ех1оттийначу организацин белхало Агаев Ваха а, Ваштарара юрт-да Габаев Салавди а, юьртан участковый Дубаев Анзор а. Х1ора стоьлан т1е охьах1оттийна бара, тайп-тайпана кечбина, нохчийн шира кхачанаш.
Цул совнаха, д1ахьош бара кхин цхьа а къовсам шина номинацехь: «Нохчийн оьзда йо1», «Нохчийн оьзда к1ант». Дакъа лоцуш бара 6-11 классашкара дешархой. Къийсамехь хаттаршца билгалваьккхира цхьа к1ант а, цхьа йо1 а. И шиъ дара 11-г1а классера Шамаев Анвар а, Мадаева Резеда а.
Баьхкинчу хьешаша дийцира цхьацца забаре дийцарш. Мероприятин лерина хан чекхъяла герга яхча, цара даггара баркалла элира кечам бина йолчу Шамаева Аидина а, дешархошна а, юккъерачу школан директорна а. Иштта лераме хьешаша билгалдаьккхира и тайпа мероприятеш т1екхуьучу кегийрхошна ч1ог1а мехала хилар .